КАЗАХИЙН-НОХЧИЙН
ГIОЬНАЛЛИН ФОНД

Оьшучарна сагIин а, социальни а гIо дар
«Шен синна дарба даран тоьлла некъ -
дика гIуллакхаш дар!»

ФОНД ЙИЛЛИНАРГ

Хьоме доттагIий!

ДIадаханарг ца хилча, хиндерг доцуш ду! И дIадолор кхочушдан хан хIинцца бен ца кхаьчна, и хан беркате хилла ца Iаш, чIогIа оьшуш а йу! Нагахь вайн къинхьегам цхьаьна а тоьхна, таханлерчу чолхечу хьоле хьаьжна ца Iаш, къахьегча, вайга кху лаьтта тIерачу къаьмнашна йуккъехь дика йукъаметтигаш кхоллалур йу, хийцамаш балур бу. Къаьмнашна йукъахь доттагIалла, барт, машар чIагIбарехь дакъа лацалур ду вайга. Вайн коьрта декхар - доттагIалла лардар хилла ца Iаш, вайн дайша барта дуьйцуш схьакхачийнарг тIедуьзна, хаздина дIакховдор ма ду.

ДоттагIий, вайгара дакъа диллий вай къаьмнийн доттагIалла чIагIдарна йукъа?! Вайн къаьмнийн тIекхуьчу тIаьхьенна цхьа тIаьхьало йитий вай? Вайн дуьне жимма хаза, догдика хилийта бахьанаш леладай вай? Шераша а, халонаша а зийна, вежараллин уьйраша чIагIдина долу къаьмнийн доттагIалла лардай вай? Ас шух хIоранга а кхойкху кху дуьненайукъарчу проектана гIо даре. Исторехь дика лар йитаре, вайн дахар лар йоцуш ца дайтаре!

Къаьмнийн доттагIаллина гIо дечарна, уьш муьлххачу къомах хиларх а башхалла а йоцуш, баркаллица!

Айна Юсупова

ТХАН ФОНДАН КЕРЛАНАШ А, ХИЛАМАШ А

ТХАН ФОНДАН КЕРЛАНАШ А, ХИЛАМАШ А

ТХАН ПРОЕКТАШ