Истори

1944-чу шеран 23-чу февралехь долийна Къилбаседа Кавказера нохчий а, гIалгIай а Казахстане дIобохор.

1944-чу шеран 23-гIа февраль нохчашна а, гIалгIашна а бохаман, баланан а, гIайгIанан а де ду. Шен къизаллица шех тера хIума дуй-те аьлла къиза а, боккха а бохам болийна цу дийнахь царна дуьхьал.

ДIадохоран жамIашца, цу хенахь нийсса ах халкъ хIаллакьхилира. Шайна бехказлонна Сталинан хьадалчаша харц цIерш кхоьллира, къам махкана йамарт хилла, немцошна гIо дина бохуш.

ТIаккха дуккха а баланаш гина долу казахийн латта хаьржира нохчий а, гIалгIай а, Кавказан кхидолу къаьмнаш а даха ховшон. Сталинан-бериян хьесап чолхе дацара: новкъахь ца леш бисина нохчий-гIалгIай, схьакхаьчча шелонна (ларамза дацара и зулам Iай дар) йа мацалла лийр бу. Уьш дIабохон меттиг къастор а леррина хала хьелаш а хаьржина дара. 

Амма «берзан дог долчу» стагана а, цуьнан хьадалчашна а моьттинарг ца хилира, царна адамаш а акхаройн амалшна деха моьттура, тоьллачо гIийланиг хIаллак а веш. 

Казахийн хьекъалечу кицано боху: «Халық — қатесіз сыңшы» — «Халкъ — гIалат ца волу кхиэлахо ву».

Шаьш а дукха баланаш лайна, дуккха а вонаш, гIайгIанаш гина, Сталинан таIзарийн къизаллех чекхбийлина казахаш сиха кхийтира, бакъ стенгахь ду а, харц стенгахь ду а. Цара тесна ца битира оццу къизалло Iовжийна болу пекъарш. Оьрсашца, корейцашца, украинхошца цхьаьна цара шайн тхов кIело а, кхерчан йовхо а йийкъира цаьрца. 

Пачхьалкхан коьртехь лаьттачара дагалаьцначу зуламца, адамаш халачу хьелашка хIиттийнера. Мацалла, шело, цамгарш йара массанхьа а. Дукханнах катуьйхира цара. Амма адам къар ца делира. Вовшийн гIо деш, бертахь, къинхетаме хиларо гIо дира царна доь доцуш ца бан. 

Казахаш, нохчий, гIалгIай, оьрсий, украинхой, немцой, полякаш цхьа доьзал санна, бертахь бехара. Цкъа а цхьанна а дага а ца догIура къаьмнаш къестон. Цара цхьаьна ловра хало а, бала а, цхьаьна доькъура хазахетарш а. Шаьш мел хала бахкахь а, шайл гIийлачунна гIо дора, цхьанна а ша гIорасиз ца хетара. 

Цу шерашкахь уьш массо а бертахь бехара. Цхьанаэшшара лоькхуш хезара нохчийн пондар а, казахийн домбра а, оьрсийн балалайка а. 

Цхьа дика доцуш, вон ца хуьлу олуш ду. Йукъарчу бохамо цхьаьнатуьйхира къаьмнаш, церан дегнаш гергара дира, церан синош хьоле дира. «Татулык — табылмас бакыт» — олуш ду казахийн. Баккъал а, иштта дан а ду иза. ДоттагIалла — доккха ирс ду. И лардан, кхион, Iалашдан деза. Тахана нохчашна а, казахашна а йукъахь кIеззиг бац уллера гергарлонаш лелон доьзалш. БIеннаша а, бIеннаш эзарнаша а олу шаьш доттагIий, йиш-ваша ду. Уьш деккъа дешнаш дац. 

Нагахь вай бинчу некъе а, 1944-чу шарера дуьйна йукъарчу историга а йухахьаьвсича, бIеннаш эзарнаш масалш ган йиш йу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша вовшийн къинхетам, догдикалла, гIоьналла гайтина. Ур-атталла, шайн синош ца кхоон кийча хиларан масалш а ду. 

Ткъа Кавказехь нохчашна шайн Даймахкал тIаьхьа уггаре а гергара мохк бу Казахстан. Даймахка веанчунна ша Казахстенра араваьлла аьлла а ца хета. Кхузахь дуьненчу бевлларш а бу дукха. 

Сих-сиха хаза йиш йу казахийн маттахь къамел. Машенашкахь дека домбрин исбаьхьа мукъамаш. Казахстанах дагалецамаш а йистйоцуш хуьлу. Ишттачу хьолехь хаало мел чIогIа йу шина къомана йукъара уьйраш. 

Нохчашна Казахстан — халачу хенахь шаьш тIелаьцна токхе, беркате латта ду. Ткъа казахаш - баланийн шерашкахь шайна белш гIортийна къам ду. Казахстанехь дуьненчу ваьллачу, гIараваьллачу нохчийн поэтан Яричев Iумаран цхьана байтехь иштта могIанаш ду: «Казахийн латта, беркате латта, халачу шерашкахь ахь дийкъи тхоьца, бепиг а, ненан йовхо а». Нохчашна казахашца хIора цхьаьнакхетар а, гар а - дезде ду, и бахьана ду цу къомана баркалла ала а, диканца уьш дагалаца а.